Со хьоьца волало хуьлу хьо тIома
Со хьуна велало хуьлу хьо гома
Со соцу мал хуьлий тулгIенаш яржош
Юьжу хьо сан дагалецамийн IомаЛаьхьанан когийн лар дIаевлла хенаш
Зингатан бIаьрга го хьан куьйгийн кенаш
Со вуьсу секха дог гIевланга дуьллий
Хаддаза тергалдан хьох долу гIенашСо тIома гIотту хьо тIулг хуьлу кочахь
Со хьуна дарло хьо елало коча
Хьан йистцахиларо синбердаш херцош
Хьоьга ладоьгIий сан са лере кхочуБерд байна тулгIенаш дIадаьлла дахар
Чуьртана доладар хьоьга догдахар
Хьо юьсу бIе эзар бехкаман долахь
Есаллехь сан деган мохь хуьлий яхаХьуна тIекхевдича гIоьмаша лоцуш
Хьуна букъ берзийча кхардамо лоцуш
Дерриг а карийна дерриг а дайча
МукIало ду-кх хьуна хьуна бен доцуЦIа доцуш лелла со цIе йоцуш лелла
Мохк боцуш лелла со некъ боцуш лелла
Хьан озо вижавеш хьан озо гIаттош
Хьо гIам ду йиша ю ца хууш лелла3.
Хьоьга ладегIар мохе цIа дехар
Хьоьга ладегIар тIулге са дехарХьо цхьаъ бен йоцуш ерг цкъа а ца хилларг
Серлонна йоцуш ерг боданехь тилларг
БIе эзар цIе йолуш дуьненчу яьлларг
Сан деган ца боьрзу мохь хилла яьлларгХьо йицъян гIертар куьйга хи шардар
Хьо йицъян гIертар кога гIан къардарДен букъехь со воцуш хьо ненан кийрахь
Къастийна дара те гергара хийра
Азаллехь вайн синош кхуллучу хенахь
Къастийна дара те самах я гIенахХьоьга ладегIар хьо йицъян гIертар
Соьцанна гIур ду цкъа кешнийн керта.